59% Оьрсийчоьнан бахархойн дац тIаьхьалонна IаIийна ахча – иштта жоьпаш делла наха «Юкъаралланна хетарг» фондо бинчу хаттамна.
45% гергга реципиентийн аьтто бац ахча IаIон, ткъа 22 %-н таро ю кху муьрехь иза дан.
3% наха тIаьххьарчу баттахь мелла а совбаьккхина ахча деборан барам, 16% - охьадиллина хьалхалеррачу барамехь. 69% нехан баллане а ца баьлла ахча гулдан аьтто, яздо Rambler News Service.
Хьал гулдан аьтто болучу 40% наха шайн ахча банкашкахь кхобу, 26% бахархоша - шайн цIахь.