Полшерчу Лодз гIалахь вехачу нохчочунна Салуев Ахьмадна шен балкон тIе цхьамма буса кхоьссина хьакхин корта карийна.
Иза Мархин баттахь нисдаларо, «мила ву зуламхо» бохучу хаттарна кхачадо жоп – вехачу кварталехь дукха бу неонацисташ, Iедалерчу нахаца гергарлонашкахь а бу уьш, боху цо.
Цо Маршо Радиога дийцира, хилларг талла чуьра араиккхича, шена гира ша вехачу пхеа гIаттах долчу дерриг а цIийнан пенаш йозанех даьхна дара, аьлла. Нохчий сийсазбина ца Iаш, бусалба дин а сийсаздо йозанаша, боху Ахьмада.
Цо полици кхайкхина. Чоьте эцна хилларг дерриг а. Бехктакхам айбина Польшин низамашца ма-доггIу. Амма ца теша нохчо Iедало шена дуьхьал зулам динарш, маьттаза йозанаш пенашца дитинарш схьалохур бу бохучух. Цунна хетарехь, полицина хууш ду хулиганаш-ксенофобаш буйла гIалахь, амма ца до царна догIу таIзар.
Ахьмадца а, цуьнан доьзалца а дика бу цIийнера лулахой, полшахой, уьш а оьгIазбахийтина хиллачо.
Ткъа и тайпа зулам шена хIинццалц дина дацара ша Полшехь шераш дохуш, боху Салуевс.