ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кабулехь иккхинчу бомбано вийна 80 стаг


Эккхийтар дина Кабулехь кхааран Iуьйранна. Занбакх майданахь, ХIиндойчоьнан а, Германин а векалташна гергахь иккхинчу бомбано лазийна, дарбан цIийне кхачийна дукха нах, лаххара а велла 80 стаг. И терахь далийна ОвхIанистанан могашаллин министраллан пресс-гIоьнчас Мажро Воида.

Дипломатийн хIусамашна гергахь иккхинчу машено дохийна гонахарчу цIенойн кораш, неIарш, йохийна дуккха а уллехь лаьттина машенаш, хаамбо Reuters агенталло.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG