ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Калибр" ракеташ тоьхна Оьрсийчоьно ДАIИШ-на тIе


Шен тIеман-хIордан эскарша «Адмирал Эссен» фрегатехула а, хибухахула лелачу «Краснодар» кеманехула а 4 «Калибр» ракета тоьхна ДАIИШ-ан карарчу Палмира гIалина гергарчу лаьттанаш тIе, хаамбина Оьрсийчоьнан тIеман министралло.

Раккера дехьаяьккхина хилла еза техника, тIемалойн дакъош - «ерриг а Iалашонаш хIаллакйина», боху хьостано.

Шойгу Сергейн урхалло бахарехь, цо Iамеркан Штатийн а, Туркойчоьнан а, Израилан а буьйранчашна хьалххе хаийтина хилла дечу тохарх лаьцна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG