ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хир яц тIедогIучу шеран НАТО-н саммит Туркойчохь


Атлантикан альянсан (НАТО) тIедогIучу шеран саммит Туркойчохь дIаяхьа реза ца хилла цуьнан декъашхой-пачхьалкхаш. Президентан Эрдоган Реджепан и дехар тIе ца эцна, хаамбо немцойн Die Welt газето, альянсерчу хьостанашна тIе а тевжаш.

«Тхуна ца лаьа Туркойчоьно альянсехь шен позици чIагIйойла, ца лаьа оха Туркойчоьнан Iедалан политика къобалъеш санна сурт хIуттийла», аьлла аьлянсан штабан векалша газетехь.

2018-чу шеран саммит сацамбина Брюсселехь йина яьккхинчу альянсан урхаллан керлачу хIусамехь дIаяхьа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG