ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Финийн журналист Нохчийчу ЛГБТ лаха ваийтар дехна Кадыровга Захарова Марияс


Захарова Мария, Сочехь "Калинка" хелхар деш

Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министраллан бриффингехь оцу хьукматан пресс-гIоьнчас Захарова Марияс Нохчийчуьрчу гомосексуалистех лаьцна хаттар динчу Финляндерчу тележурналистна Микконен Эркна хьехна таллам бан Нохчийчу вахар.

Журналисто бохура, ЛГБТ-н векалшна гIелоярца Оьрсиййчоьно дуьненна хьалха йохайо шен имидж. Оцу къамелан лорах Захаровас элира, журналистна товш дац хьостанаш юьззина теллина а йоцуш, шеггара дийца, дехна Кадыров Рамзане Микконенна, махка а веана, зераш дан аьтто бар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG