ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхаъ эцна аьлла, даржера вохийна полисхо


Дербентера полисхо Магетов Мурад балхара дIаваьккхина цо кхаъ эцарца йоьзначу шеконца. Коллегаша лаьцна иза ахча доккхуш.

«Магетов лаьцча, чоьхьарчу гIуллакхийн министралло теллина хилларг. Талламан лорах вохийна даржера", хаамбина полицин пресс-гIоьнчалло.

Бутт хьалха Iедале арздина хилла Узбекистанера веъначу вахархочо шега Магетовс кхаъ боьху, аьлла. Лаьцна иза шен кабинет чохь ахча схьаэцна ваьллачул тIаьхьа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG