ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Да-нана ирсе делахь, бер а ирсе ду-кх


Аьхкенан хьалхарчу дийнахь доллу дуьнено билгалдоккху бераш лардаран де. Оцу дийнахь дуккха а бераш го вайна берийн садоIийлашкахь маьхьаршца, беларца, самукъане. Амма цхьабакъду, массо а берийн яц таро шайн цIарах юкъадаьккхинчу дийнахь самукъадаккха.

ТIеман конфликташ лаьттачу мехкашара бераш дог доьжна, иэшамехь хилар кхеташ ду, амма маьршачу, токхечу пачхьалкхашкарчу берашна тIехь лелочу къизаллашна, харцонашна вала да ван а вуй-те олий хетало.

Кхи хеттарш, зераш оьшуш дац, берийн бIаьргашчохь гуш хуьлу дахаре церан йоцу зовкх, кхерам, сингаттам, гIайгIа.

"ТIаьххьарчу итт шерашчохь алсамдевлла психика телхина бераш а"

Iедало а дац и сурт къайлахьуш. Масала, Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло гучудаккхарехь, адамийн къизалла бахьанехь хIора шарахь леш ду 2 000 эзар бер, 100 000 эзар берана тIехь гIело латтайо.

35 миллион тIекхуьучу чкъурах унах-цIена 12 процент бер бен дац.

Могашаллан министраллан берийн хьокъехь статистике ладоьгIча, гуттар инзарвоккхуш ду дало терахьаш.

Цара бахарехь, тIаьххьарчу итт шерашчохь алсамдевлла психика телхина бераш а. Оцу сингаттамо совдоху шаьш шайна тIе куьйг а хьош, лечу берийн терахьаш а.

Берашлахь яьржинчу наркоманино а до даккхийра зенаш. Кхиазхошлахь къаьркъа мийлар а даьржина.

"ХIора шарахь 15 000 бер я дех, я ненах хедий дуьссуш ду"

Социалан белхахоша даредарца, Оьрсийчуьра 100 кхиазхочунна юкъахь 2 бер ден-ненан Iуналла доцуш, тилла лелаш карадо.

Эксперташа тIемаш бирзинчу шерашкахь а ца хилла боху, тахана маьршачу заманчохь санна буобераш. ХIора шарахь 15 000 бер я дех, я ненах хедий дуьссуш ду.

Берийн дуьне мел а кхоьлина хетало кеп-кепарчу статистийн зераш, тидамаш бевзича. Берийн Iуналла а ледара ду Iедалера схьа. Бер дуьненчу даьлча цунна пачхьалкхо лучу ахчане хьаьжча а билгалдолу, берийн ойла Iедалан мукъ карахь латточара кIеззиг еш хилар.

Цахуучунна а хаийта, цхьана берана батте дала луш дерг 135 сом ахча ду... Масане ю проблемаш… ТIе ца тоьа берийн бошмаш, церан тIеюха бедарш а язъелла, царна ловзо тайнигаш а ю цIечу мехах.

"Стенах лардан догIу бераш? ХIун оьшу уьш ирсе дан а?"

Тоххара кепекех эцалуш хилла киншкаш, тахана теттина мах лой оьцу. Нагахь санна оцу доллучун а кхачо дайшка-наношка ялахь, дозалла дан мегар ду, тхан пачхьалкхехь бераш ирсе ду, Iедало массо а оьшу хьелаш нисдина аьлла.

Ткъа еккъа цхьа Нохчийчоь юьхьарэцча, муха деха цигара бераш?

Стенах лардан догIу уьш? ХIун оьшу уьш ирсе дан а?

Дуьнена юкъара берийн де герга кхочуш церан дахарна гIаролехь хила декхар болчу нахе хаьттира Маршо Радионо, стенах лардан деза тахана бераш, церан дуьнедаар ирсе хилийтархьама, хIун ду баккхийчеран карахь аьлла.

Устрада-ГIаларчу берийн бешан куьйгалхо Элина ю йистхуьлург.

Элина: "Берашна тIера бIаьрг тилийта мегар дац. ТIаккха, дуккха а ду царна хьеха деза хIуманаш, динехь дерг а, гIиллакхехь дерг а. Тхан берашца юкъаметтигаш дика ю, бакъдерг аьлча. Бер дов ца дича ца мега, амма тоьхна-Iоьттина метигаш бац. "Иштта мега", "вуьшта ца мега" олий, цара дIалоццучу агIор дуьйцу оха берашца. Берех летар нийса дац, я бакъо а яц царех лета.

"Бераш цхьана тобанехь дукха ду" олий, шайгара ледарло яьлча, кIелхьарабовла гIерта уьш. Амма балха йогIучунна хаа ма деза, шен берашца юкъаметтиг хила езийла а, уьш дукха хуьлий а бешахь".

Шен Iуналлехь долу бераш цхьана а кепара иэшамехь цахилар чIагIдира Эвтарарчу берийн бешан куьйгалхочо Яхас а.

Яха: "Шадерриг а даггара лелош ду оха. Массо а хIумнах бер кхета а деш, хьалакхиош ду. 13 шо гергга хан ю ас болх бен. Цкъа а сан белхахоша берана тоьхна а, човхийна а меттиг бац я ас могуьйтур а дацара, цкъа делахь.

ШолгIа делахь, и бераш тхо летийта далош ма дац. Тахана баккхийчаьргара берана оьшург, кхетам, хьехам, и бер нийсачу новкъа даккхар а коьртаниг ду. Белшаш тIехь корта даим а оьшур болуш ма бу царна".

Нохчийчуьрчу Пригороднерчу школаца а девлира тхо зIене.

"Нагахь санна, шен деца, ненаца и бер делахь, ирсе ду ала мегар ду"

Школан директоран гIовсаца Чираева Раисица тасаделира тхан иштта къамел.

Чираева: "Вайн аренца дуккха а вон хIуманаш ма дуй, цундела уггар хьалха, царех лардан деза бераш. Масала, тонка, малар, вуьшта харцахьалелар. ХIокху заманца юкъаевлла хIуманаш а ю, масала. интернет. Суна уьш ду аьлла хета коьрта.

Ден-нена ледарлонна берашца цхьацца сингаттам, юьхIаьржо Iотталуш меттиг а ма нисло. Массо а шайн рицкъ лохуш, хьаьдда-ведда ву, церан терго кIеззиг нисло. ТIаккха бер ирсе хила дукха хIума а ца оьшу, нагахь санна, шен деца, ненаца и бер делахь, ирсе ду ала мегар ду".

Теркйистан кIоштахь долчу де эшначу берийн цIийнехь 17 гергга ш оду Чабаева Ларисас болх бен. Хьехархо хилла ца Iаш, берийн психолог а, йоккха накъост а ю иза. Масийтта шарахь шена хьалха хийца а луш, кхуьучу берех дийца дуккха а дара цуьнан. Гарехь, Ларисина кIорггера бевза берийн лаамаш.

Чабаева: "Бераш тахана массо а агIор баккхийчара лардан дезаш дара. ХIуна аьлча, дIа а хIоьттина шайна оьшург, дезарг ала а, бакъо къовса а аьто бац церан, цундела баккхийнаш царна Iуналла дан тIехIиттийна бу. Iедало гIо дан а деза, ас къаьстина дуьйцурш буобераш ду хьуна. ХIунда аьлча, тIехь да-нана долчара шайн бераш шаьш лардийр ду.

Нохчийн бер тахана ирсе хила, уггар хьалха тIом цахилар, шолгIа делахь, и да-нана ирсе делахь, бер а ирсе ду-кх. И да-нана ирсе дан. царна рицкъ хила деза, болх хила беза, некъ хила беза, церан барт а хила беза.

Кхачамбацарш дуй, цара карзахдоккху хIусамера хьал. Бер меца хилча, нана оьгIазе хуьлу, бан болх ца хилча, да оьгIазе хуьлу. Цундела, уггар хьалха ирсе хила берана да-нана оьшу уллохь".

Маршо Радиоца къамел динчарех цхьаммо а ца хазийра, бераш цхьаболчу дех-ненах а ларда догIура аьлла.

"Ткъа хIун даьлла хир дара эвлайисте а йигина ша йиначу нанас къа ца хеташ йийначу 6 кхаьчначу йоIера?"

ТIаьххьарчу шарахь вайн махкахь берашна шайн уггар хьомечу, гергарчу нахера хиллачу тIеIаткъамо а гойту, уггар хьалха жоп дегара-ненера деха деззаш хилар а, таIзаре а уьш бахка безаш хилар.

Тахана а хьахош, дижаза ду Соьлжа-ГIаларчу цхьана дестечо, шен 4 шо долу мерайоI лечу хьоле яккхар, йиттина.

Иза-м кхело хан а тоьхна, набахтехь ю, могуш-маьрша, амма цуьнан къизалло хIаллакйина йоI тахана а реабилитацин хIусамашка кхуьйлуш ю.

Шеларчу цхьана школан нохчийн меттан хьехархочо Сулиманова Марета шина дешархочунна етташ къайлах йина видео яьржира интернетехь.

Ткъа хIун даьлла хир дара эвлайисте а йигина ша йиначу нанас къа ца хеташ йийначу 6 кхаьчначу йоIера?

Психологаша бахарехь, 95 процент берийн проблемаш шайн хIусамчуьра, дегара-ненера, гергарчаьргара схьа ю.

28 шо хьалха, берийн бакъонаш хилар тIечIагIдеш Конвенци тIеэцале, олуш дара, бераш гуш хила деза, амма ца деза хезаш.

Делахь а, Оьрсийчуьра берийн бакъонаш ларъеш яц, цундела тахана хезаш дац уьш дистхуьлуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG