ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровс журналисташка: Йиллина ю Нохчийчоьнан неIарш, дуьйла!


Журналисташка Нохчийчуьра хьал зен а, махках «нийсаниг» яздан а кхайкхина Кадыровс.

«Тхан республикан неIарш хIора дийнахь а ю йиллина. Дуьйла. Бакъдерг язде. КIезиг го журналистийн дерг ма-дарра дийца лаам. Конкурс хIоттийча хIун дара а хаац – «Бакъдерг яздинчунна – айфон 7»! – боху Кадыровс шен инстраграмехь.

Хьалхо Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министраллан векало Захарова Марияс ша бриффинг дIахьочу муьрехь дийхира Кадыровга Финляндерчу журналистна Нохчийчу а веана, цигара репортаж ян аьтто бар.

Бутт хьалха «Новая газето» Нохчийчохь гомосексуалисташна гIело йо аьлла язйинчу артиклашна тIе а тевжаш, дуьненан прессо ирачу критика кIел латтаво Кадыров. Дуккхаза а айина кху кIиранашкахь и тема Европерчу а, Iамеркарчу а лидерша а, политикаша а Кремлна хьалха.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG