ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Навальныйс дIайоккхур яц интернетера ша Медведевх яьккхина видео


Оппозиционеро Навальный Алексейс, ша кхочушбийр бац кхелан сацам, интернетера дIайоккхур яц Медведев Дмитрий коррупцин декъахь хиларх лаьцна арахецна видео, аьлла. Шен сайтехь дечу видеокъамелехь дина цо и дIахьедар.

Кхелан сацам кхочуш «дера бийр бац, ас тIе ца оьцу и сацам, я ша и кхел а тIе ца оьцу», боху Навальныйс.

Бахьана а даладо коррупцина дуьхьалояран фондан куьйгалхочо: цо динчу 23 дехарх кхело кхочуш ца дина 22, ца кхайкхина гIуллакх луьстуш тешаш, тIе ца эцна цо чукховдийна документаш, ца хьажна кхелахо бехкбуьллучу олигархна Усманов Алишерна ца тайначу видеога.

Кхаарийдийнахь Москох Люблинан кхело кхочушбира Усмановн лаам – Навальный декхаревира интернетера видео дIаяккха. 10 де ду кхелан сацам буьззина низаме берза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG