ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кудрин Алексей: Шен дахарера 10 шо дIадаьккхина Оьрсийчоьно


Ша Iедале кховдийна «Оьрсийчоьнан 2018-2018-чу шерийн стратеги» тамаша бу Iедало ма-ярра юьхьаръэцахь, аьлла Bloomberg-на интервью луш финансийн министр лаьттинчу, хIинца «Стратегин талламийн центран» коьртехь волчу Кудрин Алексейс.

Шен стратеги Кудрина чуелла деношкахь Петарбухахь Путинан инвестрошца хинйолчу цхьанакхетарна лерина. Цо хьоьху 6 шарна бахархошкара йоккху ял тIетохар, пенсе воьду хан хьалаяккхар, экономикан дакъош Iедалан долаллера дахар, дешарна а, керлачу технологешна а кхачош йолу инвестицеш лакхаяхар.

Кудрина ша бахарехь, Путинна шен карахь кхаба лаьа ерриг а экономика, «Оьрсийчоьно мегар доцчу кепехь хан йойу, структурашкахь хийцамаш ца бича ца бовлийла Iедал ца кхета, итт шо дайна Оьрсийчоьнан дахарера».

Тоьшаллина цо даладо терахьаш: Путина шозза президентан даржехь Iачу хенахь 7 % яра экономикан боларан темп, ткъа тIаьххьарчу 10 шарахь юккъера барм бу 1%.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG