ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Манилехь 36 стаг вийна казинох цIе латийначо


Филиппинан шахьарахь Манилехь, топ а карахь хьешан цIийнерчу казино чу иккхинчо, ирх герз а диттина, цIе латийна нах ловзучу автоматех. Йогучу чоьнаш чохь садукъделла велла 36 стаг, хаамбина полицино.

Талламчашна хетарехь, талор дан гIоьртина тIелеттарг, хIунда аьлча, дуккха а ахча тIехь долу казинон чипаш дIагулйина цо дIаяхьа, амма ца вадийтина бухарчара.

Цхьаболчу хаамашца, ша велла, кхечу хаамашца, полицино вийна тIелеттарг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG