Черногорин Iедало дихкина шайн махка ван Оьрсийчуьрчу а, Укаинерчу а 149 вхархочунна – бахьана ду цара ГIирманна аннекси еш а, Донбассехь конфликт латтош а дакъалацар. Хаамбийраш ду Blic а, Pobjeda а газеташ.
«Iаьржачу тептарахь» ву вице-премьер Рогозин а, Кхерамзаллин кхеташонан секретар Патрушев а, арахьарчу къайлахчу сервисан директор Нарышкин Сергей а, Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан а.
Иштта, Оьрсийчоьно шен «Iаьржачу тептара» язбина а бу дукккха а Черногорера политикаш, куьйгалхой.
Шина пачхьалкхан юкъаметтигаш телхира 2016-чу шарахь, шайн Iедалехь карчамбан гIоьртина, аьлла, Черногорино Оьрсийчоьнан куьйгалхой бехкебича.