ТIекхочийла долу линкаш

Yleisradio телекомпанин куьйгалхойх йолчу Равантти Элинас дIахьедина, Оьрсийчоьнан дипломатин урхаллан пресс-секретара а, Кадыров Рамзана а Нохчийчу кхойкху шайн журналист гIур вац цига, цуьнан аьтто бер бац цигара ЛГБТ-юкъаралла, декъашхошна кхерам а боцуш, ган а, царах лаьцна бакъдерг дийца а, аьлла.

Деношкахь арахьарчу гIуллакхийн министраллехь бриффинг йоьдуш, хьукматан спикеро Захарова Марияс Нохчийчохь гомосексуалисташ хьийзабо бохучу темина хаттар динчу Микконен Эрккна хьийхира бакъдерг шен бIаьргашца зер, иштта, дийхира Кадыров Рамзане иза Нохчийчу хьошалгIа кхайкхар а.

Кадыровс сихха дIахьедира, ша журналисташ хьошалгIа кхойкху, «Нохчийчоьнан неIарш йиллина ю», аьлла.

Yleisradio-н цIарах йистхиллачу авантти Элинина хетарехь, «журналистна парггIат нахаца къамел дан а, церан кеп-кепара ойланаш йовза а оьшу, иза далур дац, Iедало ша программа хIоттош хилча».

XS
SM
MD
LG