Ши бутт хьалха Невран кIоштарчу Къоман гвардин декъехь хиллачу тIематасадаларехь веллачу 6 эскархочунна-контрактхочунна - Ермолаев Анатолийна, Алиев Аминна, Кучукбаев Илдусна, Гурат Дмитрийна, Акбиев Заурбекна, Рамазанов Арсенна — Доьналлин (Мужества) орденаш елла, хаамбина Нохчийчоьнан комендатуран векало.
СовгIаташ гергарчаьрга дIакхачийна тIеман декъе веъначу Къоман гвардин директоран гIовсо инарла-полковнико Меликов Сергейс, боху хьостано.
Зазадоккху-Беттан 24-чу дийнахь Новр-ГIаларчу Къоман гвардин декъанна тIелеташ 6 вахархо вийна, 6 эскархо а кхелхина, аьлла даржийра Iедало. Хаамбира, дина тIелатар шена тIеэцна ДАIИШ-о, аьлла. Амма массех зорбан хьостано айдинчохь дисира шеконаш кхоллаяларца доьзна хеттарш.