ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Осмаев Адам толуш ву


Киевехь чов хилла дарбан цIийнахь Iуьллу Дудаевн цIарахчу батальонан куьйгалхо Осмаев Адам толуш ву.

Иштта язина шен фейсбуке цуьнан цIийннанас Окуева Аминас.

«ХIинцца къамел ди ас Адамца телефонехула! Аз дика ду. Хьалаайвала а г1ерта ша воллучохь. Кестта садаIар тодеш гимнастика ян йоло езар ю пах меттахIоттийта, тIаккха ида везар ву», - яздо цо Окуевас.

Беттан хьалхарчу дийнахь тIелатар дира Осмаевна а, Окуевана а. Ша журналист ву, интервью эца лаьа, аьлла, Подол кIоштахь царна дуьхьалвеъначу ша Вернер Алекс ву бохучу стага тапча йиттира Осмаев Адамна.

Дуьхьало еш, шегара тапча дуьхьалйиттира Окуевас, чевнаш йира киллерна.

Лоьраша пехийн дакъа дIадаьккхина Осмаевн, ткъа букъадаьIахкца даьндарг йисина «Вернерн».

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG