ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Лондонехь динчу терроран тохарехь велла ялх стаг, тIелеттарш байина


London terror incident 3 June 2017
London terror incident 3 June 2017

КIиранан буса Британин коьрта шахьарна юккъерчу Лондонан TIайтIехь кир лелочу машенца нах хьешна. Цул т1аьхьа, гергахь лаьттачу «Боро Маркет» туьканна уллехь оццу машенчуьра аралилхинчара уьрсаш диттина дIасалелачу бахархошна.

Скотланд-Ярдо бинчу хаамца, 6 стаг вийна зуламхоша. Полисхоша герзаш тоьхна байина шаьш тIелеттарш а — кхо стаг.

Зуламхошца хилла моттаргIанна тIедихкина «лелха доьхканаш», амма оьккху коьчал ца карийна цаьрца.

Дарбан хIусамашка кхачийна орцан ницкъаша кеп-кепара чевнаш йина 20 сов вахархо.

ТIелатар толлуш ю Лондонерчу полицин контртерроран урхалла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG