ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Тоьпо къастийна Редкинохь дов - вийна 8 стаг


Ши зуда а, ялх борша стаг а топ ейиттина вийна девнехь Тверь гIалина гергарчу Редкино юьртахь меттигерчу вахархочо, хаамбина Оьрсийчоьнан Талламан комитето.

Алссам нах гулбеллачу бараме кхайкхина электрик ву нах байинарг. Цуьнан довдаьлла хилла сакъоьруш Iачаьрца, оцу бахьанийца, вахана, шалго топ яхьаш а веана, «бекхам» бина цо довхошна.
Полицино а, талламчаша а хаамбарехь, хьалха цкъа а зуламан декъахь хилла а вац нах байинарг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG