ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Коррупци лелорна таIзар дийр ду Соьлжа-ГIаларчу лоьрана


Меттигерчу яхархочунна, иза заьIапхо хиларан тоьшалла деш кехат лург 30 эзар сом кхаъ тIебожорна бехкейо Соьлжа-ГIаларчу дарбан цIийнан лор-терапевт. Полисхойн декъе арз чу а делла, Iедалца бертахь лор гучуяккхархьама дIахьочу барамашкахь дакъалаьцна яхархочо аьлла, хаамбо регионерчу Талламан комитето.

Хьалхо "Кавказан узел" агенталло дийцира, байначу баттахь иштта шен даржехь харцо йина Нохчийчуьрчу цхьана дарбан хIусаман коьрта лор кхеле хIоттийна хиларх.

Талламчаша даредарца, бахархошлахь диспансеризаци ечу хенахь карти тIе харц хаамаш язбарна бехкево иза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG