ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Катарца ийгIина Iарбойн пачхьалкхаш


Терроризмна тIетайна аьлла, Катарца дипломатин юкъаметтигаш хедийна Бахрейно а, СаIуда Iаьрбийчоьно а, Мисарас, Цхьанатоьхначу Iаьрбойн эмираташа а. Оршотдийнахь Reuters агенталло бина и хаам.

Лаьттахула а, хIордантIехула а, стиглахула а Катарца зIенаш сацийна Бахрейно. Оцу пачхьалкхан бахархошна 14 де, Катаран дипломаташна 48 сахьт делла шайн даймахка юхаберза.

Изза дехар дина СаIуда Iаьрбийчоьно а. Терроризман, экстремизман кхерамах бахархой ларбарца тIеэцна и сацам аьлла, дIахьедина Эр-Риядехь.

Терроран тобанаш, къаьсттина "Бусулба вежарийн" догэцарна Доха бехке а еш, Катаран транспорт дIаса ца лелийта Мисарас шен порташ, аэропорташ дIакъовлуш ю. Катара "Исламан пачхьалкх" шех олучу а, "Ал-Къайда" а тобанашна ахчанца гIодарна оьгIазъяхана Цхьанатоьхначу Iарбойн эмираташ а.

РИА Керланаш агенталлан хаамашца, Катарна а, цуьнан луларчу пачхьалкхашна а юкъахь конфликт иккхина Iамеркан Персидан аймин пачхьалкхашца Эр-Риядехь саммит хилла кIира даьллачул тIаьхьа. ГIажарийчоьнан политика емалйира оцу цхьанкхетарехь.

Катаран хаамийн агенталло эмиран цIарах ТехIеранца юкъаметтигаш къобалъеш, къамел зорбане даьккхира. ТIаьхьо оцу пачхьалкхан арахьарчу гIуллакхийн министралло дIахьедира, агенталлан сайт хакерша йохийна хиллера, эмиран цIарах къамел оцу хакерша дIаоьллина хилла аьлла. Делахь а, СаIуда Iаьрбийчоь а, Цхьанатоьхна Iаьрбойн эмираташ а, Бахрейн а ца теша Катаран керстдарх.

Пачхьалкхашца дипломатин юкъаметтигаш галъйовларх цкъачунна Катара дIахьедар дина дац.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG