ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь киншкийн туьканаш тоьаш яц


Оьрсийчуьрчу киншкийн союзо Iорадаьхна "Оьрсийчоьнан културин карта. Литература. Книгаешар" аьлла дIабаьхьначу талламан-зеран жамIаш. Цуьнца а догIуш, Нохчийчохь тоьаш яц киншкаш юхку туьканаш.

Билгалдаккха деза, еккъа цхьана Нохчийчоь лаьтташ цахилар и дефицит. Луларчу ГIебарта-Балкхаройчохь а, Дагестанехь а къоьлла ю жайнаш духкучу туьканийн. Цигахь 150-230 эзар стагна цхьа туька ю кхочуш.

Туьканаш кхачо йолуш ю Магаданехь, Севастополехь, Астраханехь, Хабаровскехь а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG