ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Финляндин журналист стешха ву аьлла Захаровас


Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн векало Захарова Марияс стешха ву аьлла, бехкевина Финляндин журналист, цо Нохчийчу ваха дуьхьало йича. Life.ru-с яздо цунах лаьцна.

Кху деношкахь арахьарчу гIуллакхийн министраллехь бриффинг йоьдучу хенахь Нохчийчохь гомосексуалисташ хьийзабо бохучунна гонах хаттар динчу Финляндин журналистна Микконен Эрккна хьийхира Захаровас бакъдерг шен бIаьргашца зерхьама Нохчийчу вахар. Иштта дийхира Кадыров Рамзане, иза хьошалгIа кхайкхар а.

Журналистца къамел дечу хенахь, шех тешавеш, майраллица къамел динчу цуьнах бIаьрг буьзна яра ша, амма иза осал хиларна чам баьлла шен цунах аьлла Захаровас.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG