ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ЕГЭ-н низамаш чIагIделла, дай-наной сингаттамехь бу


Нохчийчуьрчу дешаран, Iилманан министраллан хаамашца, дуьххьарчу пачхьалкхан экзаменашкахь хIинцале 6 низам дохийна меттиг билгалбаьлла. Махкарчу бахархоша латкъамаш бо, экзаменашкахь дешархой стрессехь латтош хиларх а, ЕГЭ дIа ца еллачу кIанта ша шена тIе куьг даьхьна бохуш, лелачу информацино шаьш сингаттамехь латтош хиларх а.

"Кавказан узел" агенталло бахарехь, кху шарахь Нохчийчохь хенал а хьалха 36 процент дешархоша дIалуш яра экзаменаш.

ЕГЭ дIаяларан низамаш чIагIделла, иштта шайн тергонехь кхобу экзаменаш дIалуш долу бераш хьехархоша а, тергамчаша а, бохуш дуьйцу шаьш дешархоша а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG