Стохка дуьйна шен бевза-безарш Шемарчу тIаме хьийсош, церан дог-ойла ира-кара хIиттош хилла аьлла, шеконашца лаьцна Гуьмса кIоштан вахархо Догуев Ахьмад. Прокуратуран белхахочо аларехь, 10 шо гергга хан йогIу Догуевна, нагахь санна бехк тIехь биссахь. Тоъал тоьшаллаш ца хиларна, кхи цкъа а кIорггера талламаш бан Талламан комитете дIахьажийна цуьнан гIуллакх прокуратурано.
Гергарчу хенахь бовзуьйтур бу кхело шен сацам.