ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

140 эзарза хьахийна Кадыров


Оьрсийчоьнан регионийн куьйгалхошлахь социалан машанашкахь уггар а тергаме хиларца билгалваьлла Москохан мэр Собянин Сергей. Байначу баттахь «Медиалогия» аналитикан агенталло хIоттийна и рейтинг.

"Москох мох баьлла, догIанаша зенаш динчу нахе кадам бина Собянин Сергейс. Цул совнаха, социалан зIенашкахь дийцаредира, 5 гIаттах лаьтта тиша цIенош дохош бюджетера ахча далар а тIелаьцна хилар мэра. Иштта жигара йийцарейо социалан машанашкахь реноваци а" яздо "Медиалогис".

ХIоттийначу рейтингехь шолгIа меттиг дIалоцу Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана.

"Иза хьахийна 140 эзарза. Нохчийчохь гейшна тIехь Iазап ду латтош аьлла дийца даьккхича, и гIуллакх толлуш федералан ницкъаллин структурашца а, бакъонашларъярхошца а цхьана болх бан ша кийча хилар Кадыровс дIахаийтар дийцаре диллинера социалехь.

Иштта интересе хеттера, Кадыровс ша Соьлжа-ГIалахь инзаре йоккха дельфинарий ян дагахь ву аьлла дина дIахьедар а. Терго йоцуш ца йиссира, шена а, шен доьзална а тIедогIучу рицкъанах Iораяьккхина деклораци а" аьлла, кхетадо аналитикаша.

КхолгIачу меттигехь ву Приморскан куьйгалхо Миклушевский Владимир. Иза вийцина 58 эзарза.

Рейтинг хIоттош "Медиалогис" пайдаэцна Twitter, Вконтакте, Одноклассники, Facebook, Instagram, LiveJournal, Youtube социалан машанех.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG