Къоман политикан а, арахьарчу зIенийн а, зорбанан а, информацин а Нохчийчоьнан министро Умаров Джамбулата дIахьедина, республикехь гомосексуалисташ я хIинца а, я цкъа а хилла цахиларх. "Со хIуммаъ цецвер вац, нагахь кхана марсианаш, троглодиташ бу хьийзош аьлла, цхьа истори йийца буьйлалахь" аьлла министро РБК телеканалана еллачу интервьюхь.
"Цхьа а гейш бац Нохчийчохь. Царна тIехь Iазап латтош хиларан цхьа а я тоьшалла а дац. "Нохчо", "гей" и ши дош цхьанатоха гIерта, церан са эшорхьама.
Вайн хаамийн гIирсашна тIехь а, халахеташ делахь а, манипуляци ечу оцу нахана пайден ду и провокаци яр. Нохчийн къоман мехалаллана тIе хьоькх ян Iалашонца лелаш бу уьш. Ма ловза цIарца! Журналисташ, бакъонашларъярхой ду шаьш бохуш, махка а оьхуш, доцург кхуллуш, толлуш, шайн цхьа кхи Iалашонаш хьалха а яьхна лела и нах.
"Со цец ца волу, информацин-гибридан тIеман пушка суна а, Даудовна а, Кадыровна а, тIе етташ хиларх. Ас дуьххьал дIа боху, со Кадыровн командехь ву, суна дика хаало дерриг а. Тхо хьалхара позицешкахь ду. Кесста Оьрсийчоьнан бахархошна хуур ду, пачхьалкхан дуьхьа Кадыров Рамзана мел лелориг", - аьлла, дIахьедина нохчийн къоман политикан а, арахьарчу зIенийн а, зорбанан а, информацин а министро Умаров Джамбулата