Нохчийчьурчу а, ГIалгIайчуьрчу а полисхоша, шайн мехкашкахь терроризмаца къийсам латторехь зеделлачунна тIе а тийжаш, къепе латтайо Алеппохь, бахархой Iалаш а беш аьлла, дIахьедина пачхьалкхан Думан вице-спикеро, "Оьрсийчоьнан цхьаала" фракцин куьйгалхочо Васильев Владимира.
"Таханалерачу дийнахь ГIалгIайчуьра а, Нохчийчуьра а 300 полисхо ву Алеппохь шайн декхар кхочушдеш, террористашца къийсам латтош", аьлла Васильевс Думан кхеташонехь кхаарийдийнахь вистхуьлуш.
"Цхьана хенахь дуьненаюкъарчу терроризмо лаг лаьцначу мехкашкарчу полисхоша тахана шемахой бу Iалашбеш . Церан зеделлачух пайдаэца оьшу", аьлла, тIе а тоьхна Думан вице-спикеро.