ТIекхочийла долу линкаш

Осмаев Адамна а, Окуева Аминина а кIелояр зуьйш талламан экcперимент дIаяьхьна кхаарийдийнахь. ТIелатар динарг ца валийнера оцу бараме. Цул тIаьхьа, Киевн прокуратуран дехарца Голосеевкан кхело кIелоярна бехкелоручунна дIа-схьа вахар дихкина.

Лоьраш цхьаьна а болуш, гIудалкх чохь валийнера кхеле шеконашкахь кхобург.

Дукхахболчу лакхарчу даржхоша тIаьххьарчу хенахь кхелашкахь гойтучу шоунашка хьаьжча, кхетамчуьра а ца волуш, хеттаршна жоьпаш лора цо, доллу жоьпаш кхелахошна кхачо йолуш ца хеттехь а. Кхело шен сацам шеконаш йоцуш бовзийтира, хIунда аьлча, аьтто ца баьлла киллер, ша зулам динчу меттигехь лаьцна хиларна.

Цкъачунна 60 денна сацийна иза, дов листина даллалц ахчанца араваккха а ца магош.

"ФАКТ" агенталлана бовзийтина и хаамаш Киеверчу прокуратурано.

XS
SM
MD
LG