ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ибрагимовн адвокатна Берл Лазар кхайкха лаьа кхеле


Соьлж-гIаларчу Октябран кIоштехь дIайирзина яздархочунна Ибрагимов Ризванна тIехь йоьдучу кхелан рогIера кхеташо. Цига кхайкхина вара ши теш. Цхьаъ - книгаш юьхкуччу туькан долахо Джабаева Бирлант, важа - Талламан комитетера белхахо Сосницкий Павел.

Джабаевас хаам бира, шен туьканчуьра низамхой ду шаьш аьлла, кехаташ гайтинчу кегийчу наха Ибрагимов Ризванан киншкаш дIаяхьара аьлла. Иштта цара дIадаьхьна уьш йоьхкина долу ахча а.

"Иза дийца оьшуш а дац Джабаевас ницкъаллийн структурашка оцу хьокъехь дина арз дацахь", аьлла, тешо дуьйцург тергал ца дира прокурора Эльмурзаев Ахьмада.

ШолгIа теш Сосницкий Павел ву. Дуьххьара таллам цо болийна Пайзулаева Заирас динчу арзан. Шега динчу хеттаршна жоьпаш лора цо, ша юрист хиларе терра кхачам боллуш, амма цхьадолчунах ала хIума доцуш вуьсура.

Адвоката Касумов Султана хаьттира, Пайзулаевгара арз схьаоьцуш, цуьнан могашаллех хаттар хIунда ца дира аьхь аьлла. Ша декхаре вацара цуьнга могашалла хатта аьлла, жоп делира талламхочо Сосницкийс.

Бехке ечу агIоно кхеле дийхира, 2015 шарахь дуьйна коьртаца цIе ца йоккху цамгар токхучу Пайзулаева Заирин могашаллан хьал къасторхьама Аштаркхнера тоьшаллаш дехахьара аьлла. Иштта, прокурора а дийхира, рогIерачу кхелан кхеташоне муфтиятера векал а валийна, иза леван веза вай Ибрагимов Ризванан жайнех лаьцна аьлла.

Ша яздархочо тIе ца дитира иза, амма адвоката "нагахь санна жуьгтийн раввин Лазар Берл кхеле валавахь тIелоцур ду" элира. Ший а дехар кхочуш цадаран сацам а бина, ерзийра кхел.

РогIера кхеташо дIахьура ю пIераскан дийнахь Iуьйрана 10 сахьт даьлча

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG