ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Заикин: "Экстрадици йина Амриевна, гарехь!"


Белоруссера Оьрсийчу сехьаваьккхина Амриев Мурад яздо "Къизаллашна дуьхьалояран комитетан" белхахочун Гарина Анастасиян хаамашца "Медиазона" агенталло. Иштта и информаци бакъйо "Новая газетано" а.

Адвоката Заикин Петран дешнашца, Добруш гIалин полисхойн хьукматан кевнашкахула иссолгIучух ткъа минот яьллачу хенахь 6 машенан кортеж араяьлла, шайца цхьаьна патрулан УАЗ а, микроавтобус а йолуш.

"Тхо царна тIаьхьа дахара. Эххар а машенаш яйра тхан бIаьргаш хьалхара. Долчу суьртаца, оьрсийн полисхошка дIавели Амриев" аьлла, дIахьедина Заикина РБК агенталле.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG