ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Заикин: "Ма-дарра хууш дац, стенгахь ву Амриев"


Нохчийн спортхочун Амриев Мурадан адвоката Заикин Петра бакъ ца йо, ша Iалашвийриг Белоруссин Iедало Оьрсийчоьнан ФСБ-не дIавелла аьлла информаци.

"Мичара хаьа шуна? Ас аьлла-м дац цхьаьнга а и тайпаниг", - аьлла "Кавказ.Реалиин" журналисташка адвоката.

Хьалхо "Новая газетано" Заикинан хаамашна тIетовжарца яздира, буьйса юккъе яллалц Добрушан полицехь вара Амриев, цул тIаьхьа "Хорошевка" пункте дIа а вигина, къайлахчу сервисийн белхахошка дIавелла аьлла.

"Тхоьгахь бакъ информаци яц цунах лаьцна. Тхуна хIинца а ма-дарра хууш дац, стенгахь латтош ву Амриев Мурад. Амма цхьабакъду, Белоруссехь вац из", - аьлла Заикин Петра.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG