ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ибрагимов Ризванан кхел йист ца йолуш йирзи юха а


ПIераскан дийнахь Ибрагимов Ризванан кхелан рогIера дийцарш дIадаьхьира.

Бехкевечун агIоно сатийсира, яздархочуьнан жайнешна экспертиза йина болу говзанчаш а, и гIуллакх дIадаьхьна волу талламхо а вогIур ву кхеле аьлла. Цуьнах маситтаза дехар динера Ибрагимовс а, цуьнан адвокато а.

Кхелхочо Налаева Хедижата, дагаяларан чоьнехь 15 минот хан а яьккхина, бовзийтира ша биначу сацаман чулацам. Цо бахарехь, тешаш кхайкха эшаран тоъал дац далийна бахьанаш.

И гIуллакх къовсаме даьккхинчу адвоката и сацам хийцитира. ТIейогIучу кхелан кхеташонехь талламхо леван тIекхойкхуш барт а хилла, йирзира кхелан кхеташо.

ТIедогIучу кIиран шинарийн дийнахь кхи дIа хьур ду дийцарш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG