ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Заикин: "Амриев компромиссе вахана полицица"


Белоруссино экстрадици йинчу нохчийн спортхочун Амриев Мурадан хиллачу адвоката Заикин Петра тIекхиина, хIунда дуьхьало йина шена ша векалалла тIелаьцначу Амриевс.

Кутаевн гIуллакх ша луьстучу хенахь дуьйна бIаьргахIоьттина вара ша Нохчийчуьрчу Iедалхошна аьлла цо. Адвоката бахарехь, "меттигерчу низамашца" а догIуш, Амриев компромиссе вахана полисхошца. Спортхочо, ойла а йина, тIеэцна сацам бу и, амма шайн юкъаметтигаш гал ца евлла, аьлла адвоката.

"Юха а, шен цхьа проблема гIаттахь, маьршша соьга кхайкха таро ю цуьнан, ас жоп а лур ду. Нохчийн гIиллакхаш, ламасташ ларар ду и цуьнан, юриспруденцица догIуш доцуш. Шина а агIоно барт бина махкахь лелачу Iадаташца" аьлла Заикин Петра.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG