ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Евкуров: "Исламан пачхьалкх" тобанера цIаверзийна 8 гIалгIа


Евкуров Юнусбек.
Евкуров Юнусбек.

«Исламан пачхьалкх» олучу тобанна юкъара гIалгIайн 8 тIемало цIаверзо аьтто баьлла. И дIахьедар дина республикан куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека, «RT» телекомпанина ша еллачу интервьюхь. Цо чIагIдарехь, царах 2 стаг ницкъаллин структураша вийна, уьш юха а оцу некъа бевла хиллан дела.

Евкуров Юнус-Бека бахарехь, Шемахь террорхойн тобанашна юкъахь дакъалоцуш ву аьлла шеко йолуш гIалгIайн махкара 120 стаг ву. Царах 67 стаг билггала цигахь хилар хууш ду. Ша цхьа стаг кIелхьара ваьккхинехь, иза эрна дац, боху Евкуровс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG