ТIекхочийла долу линкаш

Бохам хилла Беркат-Юьртана гергахь, Устрада-эвлара Петропавловске боьдучу новкъахь. Вовшахкхетта КамАЗ а, ГАЗ-3302 а олу машенаш, хаам бо МВД-н Нохчийчуьрчу урхаллан зорбанан сервисо.

И бахьана долуш ГАЗ машенна урхалла деш хилла 54 шаре ваьлла шофёр велла, ткъа цунна улехь хилла цуьнан накъост а, КамАЗ-на урхалла деш хилла 48 шо долу стаг а дIакхачийна дарбанан хIусаме.

Таллам дIахьош бу полисхой.

XS
SM
MD
LG