ТIекхочийла долу линкаш

«Роснефть» мехкадаьттан компанино дехар дина говзанчашка Нохчийчохь битуман завод ян оьшу техникан-экономикан ларар кечде аьлла, хаам бо angi.ru сайто. Иза гуш ду пачхьалкхан цIарах оьцучух лаьцна хаамаш бечу сайта тIехь.

Цу хьокъехь «Роснефть» куьйгалхоша барт бина «ВНИПИнефть» компаница.

Товбеца-беттан 1-чу дийнахь дIаболор болу и болх кхочуш бина бала безаш бу хIара шо чекхдолуш ГIура-беттан 31-чу дийнахь. Контрактан мах бу 8,46 миллион сом.

Кху шеран Зазадоккху-баттахь «Росснефть» компанино Нохчийчуьрчу Iедална шен лаам гайтира 2010-чу шарахь дуьйна Кадыров Рамзана ян гIерточу мехкадаьтта юхакечдон заводан метта Нохчийчохь битуман завод йилла.

XS
SM
MD
LG