ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Австрерчу 300 имамо террорхой емалбеш деклараци арахецна


Вена, маьждиг. 2017.
Вена, маьждиг. 2017.

Австрехь бехачу бусалбачийн муфтиятан функцеш кхочушйеш ю Бусалба Динан Цхьаьнатохаралла, цу махкахь бехачу ислам дин лелочийн хьашташ лардеш йолу. Кхааридийнахь цу цхьаьнакхетараллин куьйгакIелахь долчу маьждигийн имамаша тIеэцна „Экстремизманий, террорний, ницкъбарний дуьхьал деклараци“ цIе йолу сацам.

Цу кехатна кIелахь куьйгаш таIийна Австрехь белхаш бечу кхо бIе имамо. Бусалба Динан Цхьаьнатохараллин куьйгалхочо Олгун ИбрахIимо журналисташка динчу дIахьедарца, „историкаллин мехалла“ йолуш документ ду иза.

Декларацехь емал деш ду доллучу дуьнентIехь бусалба динан цIарах деш долу террорхойн тIелатарш. Цул совнаха, Австрехь бехачу бусалбачу нахе шаьш Iачу мехкан низамаш лардаре а, интеграци яре кхайкхам бу цу юккъехь.

„Оха, Австрерчу имамаша емалдо террорхойн а, эксремистийн а тIелатарш, чIагIдо ДаIишан маьттазлонаш бусалба динца цхьаьна йогIуш ца хилар, дIахоуьйту, хIора а бусалба стеган декхар хилар ша вехачу мехкан кхерамазалла а, машар а ларбар, хоуьйту, маршо адамашна доккха дика хилар а, и маршо даима а, массанхьа а ларйан езаш хилар а...“ - аьлла яздина ду Декларацехь.

Цул сов, бусалба динан Iелимнаха билгалдаьккхина ду, шаьш кхин дIа а Австрехь низамашца билгалдаьккхина долу нийсо а, маршо а, зударийн, божарийн цхьатерра бакъонаш хилар а лардеш а, лоруш а хир ду аьлла.

Бусалба Динан Цхьаьнатохараллин куьйгалхочо Олгун ИбрахIимо элира Декларацина куьг яздинчул тIаьхьа, бусалба динан цIарах террорхоша лелош долчу талорша исламан цIе сийсазйо, делахь а Австрерчу имамаша кхин дIа а маьждигашкахь толеранталла а, безам а, машар а хьоьхур бу, аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG