ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Публицистан Ибрагимовн дехарш кхочуш дан реза ца хилира кхел


Ибрагимов Ризванна тIехь йоьдучу кхелан рогIера кхеташо. Дийцаре даьккхинера оцу гIуллакхехь лелаш долу тоьшаллаш. Прокурора а, адвоката а, шайн тоьшаллаш дара кхеле тидаме эцийта чукховдина.

Ибрагимов Ризвана, рогIера уза юхатуьйхира шена буьллу бехк. -Бехке ечу агIоно мел дуьйцу бахьанаш карадойла дац шен книгаш тIехь,-элира цо шега дош кхаьчча. Царна йина экспертиза юхахайтар дийхира цо кхеле, амма юха а иза тIе ца дитира кхелхочо Налаева Хадиштас,- айхь йозуш йоцу экспертиза ян хьан хан яра, аьлла.

Кхелан кхеташо чакхене йоьдучу хенахь, Ибрагимовн адвоката Касумов Султана тидам бира, гIуллакх, процессуалан низам а дохош долийна ду аьлла. Цо бахарехь, шайга арз кхачча, полицино 30 дийнахь ян талла долийна, я бахьана дац талла аьлла сацам бан безаш бу. Иза дина дац цара, аьлла хета адвокатан.

Прокуроро Эльмурзаев Ахьмада дийцарехь, полицино и гIуллакх 30 де далале Талламан комитете чуделла талла. Цундела хенан низамаш дохийна дац аьлла хаам бира цо.

Прокуроро бохучун кхелхо тIе а тайна Ибрагимовн дехарш кхочуш ца дира.

Оршотдийнахь кхелан кхеташонехь дIахьура бу тоьшаллаш талларан болх.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG