ТIекхочийла долу линкаш

1000 сов стаг лаьцна 2016-чу шарахь Европертан территори тIехь терроризман декъа хилла аьлла шеко йолуш. И терахь 75 стагана кIезиг ду 2015-чу шарахь хиллачул. Цунах лаьцна дуьйцуш ду хIора шарахь кечдечу Европан полицин агенталлан (Европол) рапорта тIехь.

2016-чу шарахь лецна 718 стаг ву «джихадхой» олучу нахах.

Европолан хаамца, 2016-чу шарахь Евробертан территори тIехь хилла 142 кхиаман а, адамаш дайа аьтто ца баьлла а теракташ. Царах ах сов хилла Британехь.

Терроран тIелатарш хиларна 2016 уггаре эшам хиллачу пачхьалкхашна юкъахь ю Франци, Итали, Испани, Греци. Цу теракташкахь вийна 142 стаг, 379 стаг лазийна ву.

XS
SM
MD
LG