ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Чернокозовохь - хьафизийн конкурс


Чернокозоворчу набахтехь (Невран кIошт, Нохчийчоь) мархийн баттана лерина хьафизийн конкурс дIаяьхьна.

Лецначийн корматалла зуьйш, жюрин декъахь хилла мехкан куьйгалхочун гонехь динан, юкъараллан цхьаьнакхетаршца зIе латточу департаментан директоран гIовс Эльмурзаев ИсмаьIал а, Кунта-Хьаьжин цIарахчу Оьрсийчоьнан Исламан институтан хьехархо Зубаиров Рамзан а.

Хьафизашлахь-тутмакхашлахь уггаре хаза Къуръан дешарца билгалваьккхина Амазаев Iабдул-Керам, Назиев Анвар, Юсупов Мовла. Набахтин куьйгалло совгIаташ дина толамчашна, хаамбо Грозный-информо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG