ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Иркутскерчу набахтехь марханаш ца кхобуьйту бусалбанашка


Киланов Анатолийга, Иркутскерчу набахийн урхалче, кехат дахьийтина Нухажиев Нурдис, ФКУ ИК-3 набахтехь бусалбанийн бакъонаш талхайо аьлла.

ДIахьедаро бахарехь, 10 бусалба тутмакх ву карарчу муьрехь луьрачу раже (ШИЗО) ваьккхина кхобуш. Царна марханаш цакхабийтархьама таIзардина, доцчу бахьанашца гаттоне баьхна, яздо Нохчийчоьнан омбудсмено.

Дин лело магош йолчу конституцин 18-чу а, 28-чу артиклша луш йолу бакъо яьккхина набахтерчу бусалбанашкара, боху Нухажиевс шен дIахьедарехь.

Нухажиевс дийцарехь, набахтехь таIзаре берзийнарш нохчий бу. Ша церан бакъо массо а тIегIанашкахь къовсур ю, яздина бакъоларъярхочо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG