ТIекхочийла долу линкаш

Оцу хьокъехь твиттерехула хаамбина КIайчу ЦIийнан пресс-гIоьнчас Спайсер Шона.

Reuters-о бахарехь, Порошенко резаволуш дирзина къамел.

Хьалхо довзийтира, Украинан президент ган везаш ву вице-президентца Пенс Майклца а, тIеман министрца Мэттис Джеймца а, аьлла

Оьрсийчоьнан президентан пресс-гIоьнчас Песков Дмитрийс Порошенкон визитна комментари еш аьлла, шена «Украинехь хуьлучух лаьцна Iамеркарчу информацица хьалхаваларх къовсавала оьшу аьлла ца хета».

И дешнаш ду Порошенкос Вашингтонехь меттигерчу украинахошца динчу къамелна тIехьовсийна. (Порошенкос деза ду шена, элира, Путинал хьалха ша Трамп волчу кхачар).

Путинанний, Трампанний цхьанакхетар хила тарло тIебогIучу баттахь Гамбургехь, «Йоккхачу Ткъа пачхьалкхан» кулуарашкахь, аьлла даьржина прессехь.

XS
SM
MD
LG