ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хих берашна ун далар теллина Нохчийчохь


Новр-ГIалахь школашка дахазчу а, дуьйладеллачу а берашна молучу хих массех кIира хьалха ун кхетар теллина а даьккхина, административан бехк тIебаьхьна Нохчийчоьнан прокуратуро «Чечводоканал» урхаллана.

Бахначу беттан юккъехь, цIахь биргIанаш чуьра молучу хих чоьна кхетта, дарбанцIийне диллира Новр-ГIалахь 22 бер. Уьш, талламчаша бахарехь, тоделла хIинца.

Прокуратуро «Чечводоканал» декхарейина сихха хи хила еззачу башхалле кхачон.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG