ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шойгу Iалаш а веш, НАТО-н кема "кхерийна" пилоташа, боху ТАСС-о


Атлантикан альянсан F-16 кема гергакхача гIоьртина Оьрсийчоьнан тIеман министран Шойгу Сергей чохь воьдучу бортна, иза «эккхийна» оьрсийн С-27 кемано, хаамбина ТАСС агенталло.

Калининграде воьдучу Шойгун кеман лар эца гIоьртира НАТО-н кема Балтикан хIорда тIехь. Министран кеманийн коврахь дара массех хIордан авиацин СУ-27. Альянсан цхьа кема тIехьадаза доладелира, амма юкъадуьйлира СУ-27, цо, тIемаш а ластийна, «гайтира» ша герзца дуйла, тIаккха НАТО-н кема F-16, юха а дирзина, дIадахара, яздо ТАСС-н корреспонденто.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG