ДоттагIаллин матчехь азербайджанхойн футболан тоба «Карабах» эшийна нохчийн «Ахмато».
Цхьаъ бен йоцу толаман буьрка 86-чу минотехь кевнашчу тоьхна 19 шо долчу керлачу футболхочо Раванеллис.
ТIекхочучу футболан муьрна «Ахмат» кечлуш, «кеп тоеш» ю Австрехь.
Зеран хьалхара ловзар дIадаьхьначу Кононов Олеган (тренер) тобано эшийна Азербайджанера «Габалу». РогIехь «Ахматца» къовсалур ю Швейцарера «Янг Бойз», Болгарера «Лудогорец», Австрера «Зальцбург» тобанаш.
Оьрсийчоьнан чемпионат йолалур ю тIебогIучу беттан 16-чохь. «Амкарца» шен цIахь хир ю «Ахматан» хьалхара матч.