ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Вуьзинарг мецачух кхетар вац...


ХIора шарахь мархийн бутт болабелчхьана де-дийне кхуьуш, деста базарахь, туьканашкахь кхача-сурстатийн мехаш.

"Кхечу бусулбачу пачхьалкхашкахь Рамадан баттахь мелхо а юучун мехаш охьадохуш хуьлура, Iебар болуш бац вайнах», бохуш яппарш йо бахархоша.

Царна дуьхьал цхьаболучара Iарбойн мехкашкахь экономикан хьал кхузахьчул а гIоле ду, мехаш лахдарх хIуммаъ иэшам хир бацара царна-м олу, вукхара сурсаташ шайна тIекхоьхьурш бехкебо, арендахойна бехкаш тIебохкурш а хеза царлахь.

Амма, дийцарх-бахарх толуш хIуммаъ дац. Кху шарахь а, марха муьлхачу дийнахь достур ду цкъачунна билггал хууш дацахь а, кIира а ду бахархой оцу денна кечамаш беш дIасауьду.

"Дехар до махкарчу йохкархошка, вайна юкъахь дуккхаъ бу гIийла бохкурш, таро йоцурш, цундела мехаш тIе ма беттахьара аш церан къина а"

Рамадан бутт карабогIучу деношкахь тIебиттиначул а, хаъал кхи а лакхара карийра царна базарахь мехаш.

И хьал теллинчу махкарчу Динан урхалло шинарийн буса бина кхайкхам баржийна метигерчу телевизионан эфирехь.

Иштта бу цуьнан чулацам: "Кху безачу баттахь вай къаьсттина къинхетаме хила деза вовшашца. Масех де бен ца дисина Iийда де тIекхача. Мархийн бутт карабеачхьана маса тIедетталуш ду базарахь а, туьканашкахь а юучун мехаш. Дехар до махкарчу йохкархошка, вайна юкъахь дуккхаъ бу гIийла бохкурш, таро йоцурш, цундела мехаш тIе ма беттахьара аш церан къина а".

Ишта-м стохка меттигерчу телевизионан журналисташ марха даста денош дисинчу заманчохь базарашкахула чекхбевлира видеокамерашца, хеттарш деш юхкучаьрга а, оьцучаьрга а, мехаш зуьйш.

Амма хIетте а цхьа а хийцам боцуш, ма-дарра, аьлча, де дийне телхина догIу йохка-эцаран гIуллакх.

"Таджикистанехь, хIора Рамадан баттахь Iедало туьканийн долахошна тIера йоккху Iедална яла йогIу хIонс"

Нохчийчуьрчу бахархоша, дукхачу хьолехь Беркат олучу базарахь оьцу кхача-сурсаташ. Ткъа цигарчу туьканинй долахоша даредо, шайн бехках и хийцамаш хуьлуш цахиларх.

ХIора а долахочо къаьсттина далхориг, тIекхоьхьучара мехаш лакхара хIиттош хиларрий, Iедална ял а ца елча ца довлуш хиларрий ду.

Масала, Таджикистанехь, хIора Рамадан баттахь Iедало туьканийн долахошна тIера йоккху Iедална яла йогIу хIонс.

Иштта мехкан урхалхоша, денна рейдаш дIахьо туьканашкахь а, базарашкахь а, терго латтош, шаьш хIоттийна барам ларбой хьуьйсуш.

Иштта кху шарахь а коьртачу шахьаран мэро дош делла бахархошна, марха достуш мехаш ца дестийта.

Маршо Радионо теллира Къилбаседа Кавказерчу цхьайолчу регионашкарчу йохка-эцаршкара хьал.

Дагестанехь, Ставрополан кIоштахь, Къилба ХIиричохь мехаш кхечу деношкахь хуьлучуьнга хьаьжча, мел а лакхадевлла элира "Кавказ.Реалии" порталан билгалбаьхначу мехкашкарчу корреспонденташа.

Къаьсттина, пачхьалкхан туьканашкахьчул а еза хуьлу юург базарашкахь элира цара.

Нохчийчуьрчу цхьаболчу бахархошца а хилира тхан зIе. Веданан кIоштахь вехачу гIишлошъярхочо Абдурзаков Саламус дийцира тхуна шайн эвлахь марха дастарх, кечамаш барх, иштачу дезачу деношкахь юхкучара тIера цIока яккхарх а.

Саламуна хетарехь, вовшашца йохье а буьйлуш, совнах харж ю цу дийнахь йийриг.

"Нехан стоьлал а шениг оьшуш ца хилийтархьама, наха дийрриг дан гIерта таро йоцург а"

Абдурзаков: "Юучунна-молучунна мах охьабаьккхина бац, ша хьалха ма барра, хийцам боцуш ду гIуллакх. "Делан дуьхьа" аьлла а, я "мискачу нехан дуьхьа" аьлла а.

Маршо Радио: Къасьттина марха лоцуш а, достуш а и мехаш тIебеттаран бахьана муха туьду ахь а, йохкархша а?

Абдурзаков: "Мел миска велахь а, хала воллуш велахь а, шайгахь карахь дацахь, цхьангара духалург доккхий а, нахал а ца эша хIума леладо вай. ТIаккха церан мехаш тIетохаран бахьана хIун ду, муьлхха а шайн агIо дIагIур юйла хаьа юхкучарна. Нехан стоьлал а шениг оьшуш ца хилийтархьама, наха дийрриг дан гIерта, таро йоцург а.

Тоххара суна дагадогIу, тхан да а, нана долчу хенахь, марха достучу дийнахь боккхий чорпин яй а хуьлура, кишмиш тухий, кечдина дуга а хуьлура, кемпет, печенеш хуьлура, кхи даккхий хIуманаш ца хуьлура.

ХIинца, нехан стоьлаш тIехь доцуш хIума ца хуьлу, ур-атталла, Африкера дитташца бух яьхна еана бананаш а цхьана. Вовшашка чу а оьхуш, лулахь хоьтту "ахь хIун йина, ас и эцна" бохуш, цул а тола гIерташ цхьа хIуманаш леладо-кх хIокху наха. ГIеххьа телхина догIу хIара аам. Вайн дайша лелийнарг, аьттехьа а ца дисина".

Гуьнарчу яхархочо Истамулова Залпаа могушалла цахиларна, базара эхар шегара дIадаьлла, амма чуьрчу несарша бахарехь, мехаш тIебиттина базарахь бохуш, дийцира.

Истамулова: "Со башха базара, туькана оьхуш яц, хIара чуьрнаш баханера селхана. Цхьа туька йиллина боху кху тхан кIоштахь, хьенан ю ала ца хаьа суна, чIогIа йорах яра боху цу чохь, базарахь нах бан а бацара боху, берриг а оцу туькана бирзина. Оцу сохьта чех а делира боху цара цу туьканара массо а хIума.

Бакъдерг аьлча, базарахь хIума еза хуьлу олу кхара. Вуьшта жижиган мах хьалха лерра бу, тIе ца тоьхна. Стоьмашна а, хастоьмашна а жимма тIетоьхна бахара.

"Делан дуьхьа», "нехан дуьхьа" бохуш, йорах юхкурш а бу".

Гуьнарчу Атабаева Заргана бахарехь, мехаш массанхьа а санна лакхадевлла кху деношкахь, амма церан юьртахь мархийн баттахь къинхетамалла гойтурш а бу.

Атабаева: "Базарахь йоцуш хIума яц, амма мехаш тIетоьхна. Цхьаболчура тIетоьхна, вукхара жимма а йорах ло. 3 сом а, 5 сом а охьабаьккхина мах хьалхачул а цхьаболчара. Масала, 35 соьмах йолу картол, 45 соьме яьлла, керла картол юьйцу ас. Жижиган мах ша хилларг бу".

МР: Стенна тIетоьхна шаьш боху и мехаш юхкучара?

Атабаева: "Шаьш и кхача-сурсаташ оьцучохь даздина олу цара. ТIаккха жимма а тIе ца тоьхча, шайна цхьа а пайда ца хуьлу боху. Цигахь 5 сом тIетуху, кхара кхузахь 10 сом туху. "Делан дуьхьа», "нехан дуьхьа" бохуш, йорах юхкурш а бу".

Бехк а бац вайнехан, Iарбойн пачхьалкхаш тIех а етташ, Iедалера бехкаш дахарх.

ХIунда аьлча, махкарчу Динан урхалло мехаш шаьш къастош юхкучаьрга къинхетаме хиларе бутт бовш дехна.

Ткъа Iаьрбийн Цхьанатоьхначу Эмиратийн хаамийн гIирсаша, шайн пачхьалкхан экономикан министраллан хьасташна тIе а тевжаш, бутт хьалха дIакхайкхийра бахархошка, Рамадан баттахь цхьа могIа сурсаташна 76 процентна мехаш охьабохуш хиларх.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG