ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мосулера ан-Нури маьждиг эккхийтина


Иракъерчу эскарийн векалша хаамбина, ДАIИШ-ерчу тIемалоша Мосулера ан-Нури маьждиг эккхийтина, аьлла.

Оцу маьждиг чохь кхайкхийнера 2014-чу шарахь «Исламан пачхьалкх» тобан лидеро халифат. Ша маьждиг дара 12-чу бIешарахь дина.

Би-Би-Си радиоца кIира хьалха къамелдеш Иракъан эскарийн буьйранчо элира, шаьш маьждигна 15 метр герга лаьтта.

9 бутт бу Иракъан эскарш ДАIИШ-ера Мосул яккха гIерта. Цара кху муьрехь масситтаза дIахьедина, г1ала доккхачу декъанна шайгахь ю, аьлла.

Цхьанакхеттачу Къаьмнийн организацин терахьашца, 100 эзар гергга вахархо висина Мосулехь. Ца тоьа хи, кхача, молханаш.

ТIаьххьарчу шина кIиранна чохь велла Мосулехь, йозуш йоцчу хьостанийн хьесапашца, 230 вахархо.

Оьрсийчоьнан эскарийн буьйранчаша дахначу пIераскана дIахьедира, шаьш авиатохарца вийна ДАIИШ-ан лидер ал-БагIдади Абу Бакар, аьлла. Амма тоьшаллаш дац цкъачунна, элира тIаьхьо арахьарчу гIуллакхийн министралло а, Путинан гIоьнчас Ушаков Юрийс а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG