Немцов Борис вер луьстучу тIеман кхело «тIаьххьара дош» алийтина талламо куьг-бехке вечу Дадаев Зауре, хаамбина 5-tv хьостано.
Дадаевс ша декъахь вац Немцов верна, аьлла. «Нохчаша букъ тIехьашхула ца туху», бохучу дешнашца дерзийна шен къамел.
Талламчийн версица, Дадаев Заур ву киллер, ткъа вежарша ГубашевгIара, Шадида а, Анзора а, Эскерханов Темирлана а, Бахаев Хьамзата а Немцовн лар толлуш, информаци гулъеш гIодина.
Вердикт тахана кхайкхор ю аьлла хета журналисташна.