ТIекхочийла долу линкаш

Советан эскаран сийнна шайн махкахь иттаннаш шераш хьалха хIиттийна хIолламаш дIабаха сацам тIеэцна Полшин сеймо. Цо доьхку пачхьалкхехь коммунизмна а, кхечу тоталитаран а кепашна пропаганда яр, гIишлошна цаьрца йозу цIерш тахкар.

«Коммунизм хестош» хиларна Полшехь йохор йолчу объекташлахь дукхахберш ЦIечу Эскарна хIиттийна хIолламаш бу. Иштачех ларало 500 гергга хIоллам. Амма ца бахна оцу тептара юкъа кешнашкахь лаьтта хIолламаш – уьш хьебийр бац.

XS
SM
MD
LG