ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дагестанхойх 1286 экстремист ву лаца лохуш


1286 дагестанхо ву экстремистийн могIаршкахь латтарна Оьрсийчоьно лаца кхайкхийна, аьлла тахана Дагестанан халкъан кхеташонехь вице-премьеро Джафаров Рамазана.

Хьехораш бу, доккхачу декъанна, Шемарчу тIамехь Асадна дуьхьаллаьттарш.

Джафаровс бахарехь, царех 770 стагна дуьхьал бехктакхам баьккхина Оьрсийчохь. Кхаа шерачохь Шемара цIавирзина 108 стаг, царех 86 озийна жоьпе.

Шема ваха лаам хиларна лаьцна дагестанхойх 62 стаг. Вийна, цавеъча тIемалойх дIакхеттачех 15 стаг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG